Шовдан чу хьаьжира воккха стаг: шовда схьадолучу меттахь, хи бухахь, вовшах а хьаьрчина, Гуьллуш шен йо1 а, цунна везаш хилла к1ант а гира цунна. Цу шинна гена йоццуш, г1ам-зуда а 1уьллура. Кхузахь хиллачух кхийтира йоь1ан да.
Шен йоь1ан а, цу к1ентан а декъий схьа а даьхна, цхьана каш чу д1адоьллира цо. Ткъа г1ам-зудчуьнан дакъа, гена лам чу д1а а дихьина, цхьанна а ца гучу д1адоьллира воккхачу стага.
Цу хенахь дуьйна цу шовданах безаман шовда, аьлла, ц1е тиллира шовданан йисте бог1учу кегийчу наха.
Наха дуьйцу, Шара-Органан г1овг1ане эшарехь ши аз ду хезаш, бохуш: йоь1ан хаза, ц1ена, зоьвне аз а, доьналлех дуьзина, гlopгla к1ентан аз а.
Суна а хезна и аьзнаш, хьо ца тешахь, ваха а г1ой, ахьа а ладог1а.