Бепиг ТӀулгах Хийцадалар

IMG-0351
.Дукха-дукха хьалха, цхьана жима юьртахь, Гданьскан генахь йоцуш, хилла шен пхиъ берацан йисна Ӏаш цхьа зуда.
 
Жима латтан дакъа дара цера. Амма ялта ца кхуьура цу латта тӀехь. Цундела иза сих-сиха нахан болх бан йоьдар. Цун белхах юург а, кӀезиг ахча а лора.

Цхьа шо деара шийла а, буьрса а Ӏа долуш. Наха шейна тӀаьхьалона Ӏалашдина ялта шелано хӀаллакдина дӀадаьккхира. Цул тӀаьхьа тӀееана бӀаьстенца, хиш тӏеделира. Цу хино бухадисна ялта хӀаллакдира. Мацал йоьссира юьрте. Амма уггаре хала хӀал дара пхиъ берийн ненехь.

Цхац болу бахархой а, ахча хилари терра, юург эца аьтто бара. Берийн нана ара йолура йе болх лаха, йе гӀо деха.

2 Sroga-zima
IMG-0370

Цхьан дийнахьа лулахо дуьхьалкхийтира цунна. Баьпках гали дуьзна, Ӏаьвнех хийца базар воьдуш вара иза.

– Ӏав аьцна, худар дира ду аса. Цунна тӀе даххаш тоьхна, со вуззалца, сай дог Ӏаббалц а дуур ду аса и худар. Сохь хьогурбу массо а нах! – бохуш, ойланаш яш вара иза.

Эхь хеташ, цуьнга дехар дира берийна нанас:
– Хьайгара баьпках жимма дакъа дина, суна гӀо дира дацар ахьа? Чохь меца пхиъ бера дара сан.
– Соьгахьа дег а бепиг дац. Сан гали чохь тӀулгаш ду – аьлла, болар сих дира цо. Хала хийтира цу зудчунна.

– Данне дог доцуш волу хьо, и бепиг тӀулгах хийцалой ла хӀа – аьлла, тӀехьа мохь туьйхира цо.

Кхин юха ца хьожуш, ког ма-боллу чехка дӀавахар бӀаьрмецка лулахой. Амма дӀа мел воьду а, и гали тӀаьхь-тӀаьхьа дазлуш дара.
 
Кхьин вахне дӀа ца вахвелла, некъа йистехь схьадаьстира цо и гали.
 
Инзаре цецвелира иза – бепиган метта, боккха, беза тӀулг бара!
IMG-0371
IMG-0372

– Кхийтира иза тӀаккха и шена Дала дина таӀзар дуй. Ма вахло сиха цӀа вахар иза. ХӀусамнене дукха юурган кечам бе аьлла, и нана а, цуьна пхиъ бера а чукхайкхира цо. Цул тӀаьхьа, шейгахь мел долу елтаца дӀакӀа дора цу стага лулахошца. Дуккха еха хенахь латтадора цо царна картолаш а, дама а, Ӏавва а. Шен дагчохь сацам бира цо, кхин цкъа а  гӀийланиг а, мисканиг а гӀо доцуш ца вита.

Оц хенахь дуьйна, стоьмаш а, хасстоьмаш а, кӀа а – массо а дӀайохьнарг сов-дукха кхуьуш, сов йуьлуш а, дӏа яа цха кхуьуш, сахийна дӀалора оцу стага.
КхидӀа а, йисина Ӏашйолу зудчунна а, цуьна берашна а, гӀо дора цо. Кхин е меца, е шила бацара уьш.
Цхьа шо хан йелира. Оца стагас шегара тӀулг Олива олучу меттера маьждиге дабаьхийра. Цу тӀулгаца маьждиган пен чӀагӀбира цо. Хинца а бу иза тӀулг цигахь, нахана дагара ца далийта – гӀийланиг гӀо доцуш ма вита аьлла.