Ткъа хилларг дара иштта. Цхьана буса, чӀерий лаца дагахь, Варса шен ов нис а йина хин чу тосуш волуш, хезира кхунна цхьа чӀогӀа тамашийна, деган кӀеда, лерган мерза, хӀинццалц жима стаган девзина доцу аз. Хин юккъера хезаш бара и дагах кхета мукъам. Мукъаман аз цкъа хин тӀехула дӀа а даьржий, юха, буьсанан тийналлехь, хезаш долчу татанех дӀауьйра.
Цхьабосса гӀайгӀане а, самукъане а, бара и мукъам. Цхьатерра тийна-аьхна а, юха айделла – онда а дара цу мукъаман аз. Варс меллаша, эрзан къух дӀаса а хилийна, каро а хьажира сел исбаьхьа, хӀинццалц цахезначу аьзнаца, мукъам бийриг мила ву. И буьйса, беттаса мархаша хьулдина, чӀогӀа Ӏаьржа йолуш, цунна хӀумма а ца гора. Меттаха ца волуш, ладугӀаш вара и цу аззе. Къайлаха бекачу мукъаман хӀора хӀо, цуьнан деган кӀорге чудужара.
ЧӀерий а дицдина, ов а йицъелла, ша шех а вицвелла – ладоьгӀуш Ӏаш вара кӀант. Цхьа лаам бен бацар Варси – цкъа а и мукъам аз ца хедаш, цуьнга ладугӀаш Ӏа лаьара цунна. Хинан чаппаро бохийра цуьнан эшаре болу тидам. Мукъаман аз хедира. Цу буса дуьххьара, чӀерий лацаза, напха доцуш цӀа вирзира Варс. Амма а, цӀаьххьана бахначу безамо буьзнера цуьнан кийра. Цуьна безам бахнера бӀаьрга а ганза, хӀу-мила йю цахуучунга.
ШолгӀачу дийнахь Варс, маьркӀажа бода къовлабаларца, кечвелира а чӀерий лийца ваха. Синтем байна, сатуьйсара цо и хаза аз кхи цкъа хазаре. Шена юха а и аз хезча, цо меллаша, цуьнца избеш, тӀаьхьара мукъам балийра. И аз дериг цецъяьлла, шен эшар цӀкъа саца а йина, жимма Ӏийна, юха а йолийра. Цу буьйса йохаллинц хезаш дар, цхьани дека шиъ аз, цхьа мукъам беш.
– Ма тера ду тхан мукъам бар а, дагара дуьйцуш къамаьл дарах – аьлла, ойла йира Варсо. И цунна дагадар ца, хинан чаппалга а даьлла, церан мукъам цӀеххьашха хедийра. Исбаьхьа аз тӀепаза дайра. Меллаша малх гучу болуш, са даржа доладелира.
Юха а, чӀогӀа синтем байна, дийнан дохалла, буьйсане сатуьйсура Варсас. Малх анайисте а бала ца кхианера, иза шен бурамц органан юккъех вара. Бода дика чӀагӀ белла, шен дог хоьсту мукъам хеззашехь, цо хаза а хаьтта, цуьнца дӀаийбеш, шен мукъам балийра. Буьйса чӀогӀа йаькхна дӀахӀоьттира. Къегина хьакхаьттачу бетта са, хинан экъана тӀехула кхерсташ, ловза делира.