Дадай АӀм

Дукха-дукха хьалха, Мазураш олу аренца лаьтташ йолу юьртахь, цхьана къечу лаппагӀа чохь, Ӏаш-вехаш жима стаг вара. Цуьнан цӀе яра Крыстэк.
 
ЧӀогӀа сатуьйсура цо шей зуда а, бераш а хиларан, амма цхьана а йоӀа иза тергал ца вора и сов къе ву бохуш аьлла.
 

Шен ойланашкахь ша-шега олара цо, шай бахам белахьара, оцу бахамо хуьйцура ма вацара ша аьлла; гуттара дакъа а дира дара ша мискачу нахаца.

IMG-0373

Цхьана дийнахь Крыстэки неӀ туьхира цхьа къена стагас. Хьошалла ца дайтира цо шена. Лерина хьоьжара иза Крыстэкина тӀе.
– Суна хаьа хьо чӀогӀа бахам безаш а, зуда яло а лууш вуй – элира воккха стагас. – И кхочуш далур ду. Амма цхьа барт ба безар бу вай.
– ХӀун барт бу иза? – хьаттира Крыстакас. Шен дагахь самукъа делира цунна: – Сан гӀийла кхоллам хийцабала тарло – аьлла.
– Дош дала деза ахьа, хьоло хӀан дог хуьйцура дац аьлла.

– ЧӀагӀо йо аса, къинхетаме хила а, дог-ойла ца хийца а! Аса чӀагӀо йо, сан хӀусмера меца а волуш, сагӀа дазза а, гӀо доцуш а, цхьа а ара ца валийта! – аьлла, чӀагӀо йира жима стага.
– Сай йоӀ хьоьга маре ло аса, цул сов, совгӀатана ахьа сатийсина бахам лурбу ас хьуна – аьлла, дӀавахар воккха стаг.

Ӏуьйранца Крыстэкина къен лаппархан неӀ-сагӀехь лаьтташ йера инзаре хаза йоӀ, шеца дашонах а, мехала хӀуманехь а йуьззина ворда йолуш.
 

Дадай цӀе йолу, воккха стаган йоӀ яра иза.

IMG-0374
IMG-0375
Дукха хан йялале латта а эцна, хӀусамаш а йина баха хиира уьш.
 

Церан комаьршалла а, цара де хьошалла а, шайолу Мазурашкахь доьвзуш дара.
ГӀо-накӀосталла цадеш, таьрго йоцуш цхьа а гӀийланиг,  мисканиг, ца вуьтара цара.

Ишта дӀаделира маситта шо. Жим-жима хийцалуш вогӀуш вара Крыстэк. Техь-техьа гӀийла неха сингаттаман бала ца кхочар цуьнн, е дог а ца догӀар нахана гӀо дан.
– Сан дена делла дош ца лардо ахь – элира Дадайса Крыстэке.
– Цхаъ де, шиъ де собар да мегар дара цара-м -аьлла, каьрта баьхкина миска нах ара бехира цо.
Сингаттаме Ӏадайина хьоьжура Дадай хийцавелла чу Крыстэкега: ма сиха йицъелла цунна мацалла а, къоьлла а. Цун къоьлах хӏалхавала хала а хилара, и боккха бала а хилара.

IMG-0376
IMG-0377

ТӀаьххьаре, гуьйрана, цхьан кхоьлина, шила а дийнахь, чӀогӀа мох а белира. Дарц а тоьхна, кӀуркӀамани бода хьоьвзира.
– Сан дена делла дош ца лардина ахьа – хӀорам хилла йилхира Дадай. – Сан да волчу дӀацаяхча ца йолу со.
И сацо гӀиртира Крыстэк, амма Дадай ладугӀуш яцара. Кхевсина, серий сан догӀу догӀан бухахь, йедда яхара, хуьн йистахь лаьтташ волу шен да волчу.
Воккха стаган когашкахь цӀаьххьана хаьр делира латта. Цу хералло йоӀ чьухуьйдира. Цул тӀаьхьа латта бухар хи схьахьаьдиpа. Цу хинах боккха, дато бесахь хин экъа йолуш, аӀм хоьттира.

Холча вахна хьоьвзира Крыстэк – уггаре боккхачу бахамах ша ваьлли хиира цунна – массо бахамел беза хиллера Дадайи безам.

Даьнна а воьдар иза аӀм йисте. Кийран кӀоргера, мохь тоьхна – Дадай! Дадай! – богӀуш, шен зудчуьнга кхойкхура цо. Жоп даларна сатуьйсара Крыстэкас, амма эрна дара цуьна сатийсар.

Хинца а хезаш хуьла, бохуш дуьйца, Крыстэкас сингаттаманца кхойкхуш шенна даган хьоме Дадайе.