Кхо ваша а, саьрмик а

Дас к1антана вониг хьоьхур дац.

 

 

Цхьана ден кхо к1ант хилла. Дас, ша валале, весет дина хилла к1енташка:

— Х1окху вайн махка т1ера д1абоьдуш кхо некъ бу шуна. Царах ширчу новкъа ма г1олаш, — аьлла.

Мацца а цкъа, хан яьлча, шайн да веллачул т1аьхьа, араваьлла д1авоьдуш, цу ширчу некъа т1е кхаьчна к1ентех уггар воккханиг.

— Вахана хьожур ма ву со, х1окху некъа т1ехь х1ун ду, — аьлла, д1авоьдуш хилла xlapa, новкъа а х1оьттина. Дуьхьалбаьллачу саьрмико хаьттина к1анте:

— Ахьа х1ун до, к1ант, хьо стенга воьду? — аьлла.

— Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан дас, ша валале, весет динера, х1окху новкъа ма г1олаш, аьлла. Иза х1унда аьлла хилла-те цо, бохуш, хьажа веънера со-м, — аьлла к1анта.

— Хьайн дас бохучух а ца тешаш, веъна хьо?! Аса гойтур ду хьуна кхузахь дерг-м: илли олуш, хьо сол ца толахь, аса бер бу хьан болх. Хаьий хьуна илли ала? — аьлла, хаьттина саьрмико.

К1анта, ца хаьа шена илли ала аьлча, кхаьллина саьрмико и к1ант.

Т1аккха цуьнан шолг1а волу ваша вахана оцу ширчу новкъа, цигахь х1ун ду хьожур ма ву ша, аьлла.

Цуьнга а, илли ала хаьий хьуна, аьлла, хьаьттина саьрмико.

Ца хаьа шена аьлча, кхаьллина цо иза а.

Шен вежарий ц1а бахка хьебелча, кхоалг1аниг, уггар жиманиг вахана царна т1аьхьа.

Воьдуш, xlapa а саьрмик болчу кхаьчна, вукхаьрга санна, х1окху к1анте а д1ахьедина:

— Илли аьлла я туьйра дийцина, хьо шел ца толахь, ша бер бу хьан болх, — аьлла.

— Дика ду. Ша туьйра дуьйцур ду хьуна, — аьлла к1анта. — Бакъду, дуьйцуш лаьтташ, вовшашна юкъаг1ертар дац вай, дуьйцург чекхваллалц, дийца вуьтур ву вай. Нагахь юкъаг1ортахь, иза эшна ву вайх. Ткъа со толахь, сан ши ваша схьалур ву ахьа, — аьлла к1анта.

Цу т1ехь барт а хилла, к1ант дийца волавелла:

 

 

— Стохка 1ай х1ордана бинчу ша т1ехь говрийн рема яжош вара со. Кхано бецах юьзначу говрийн хи мала дезаш хилла, диг деттарх дагарца и исс аьрша стомма ша боха а ца белла, дагарх ц1е йиллира аса, ша башо. Ц1е а летта, сан диг, шах 1уьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага т1ехь а юьсуш.

Д1а-схьа хьажарх, хи схьаэца х1ума а ца хилла, катоьхна сайн коьртан туьта схьа а яьккхина, хи малийра аса говрашна. Суьйранна, шелъяла йоьлча, сихха сайн рема а лаьллина, стигала хьала, мархаш т1е буьйса яккха вахара со.

Кхано хьаьжча, сан коьртан туьта ян а яц-кх коьрта т1ехь.

Ой, xlapa х1ун ду? — аьлла, ведда юха а вахана, д1ахьажча, сан коьртан туьтана чохь, шена бен а бина, чухиина 1аш лекъ дара. Д1а катоьхна и лекъ схьа а лаьцна, сайн коьртан туьта т1е а тиллина, т1ехиира со лекъана. Вадийна валийна, охьавиллира со лекъо, сайн ремина юххе, мархаш т1е. Тоьхна и лекъ ден а дийна, ц1е а латийна, ворх1 б1е ов1 а дина, со лекъан жижиг эвнаш т1ехь доттуш воллуш, вайн цхьа оврах, даьтта схьаэха доладелира. Цу даьттанан хьожа кхетта, беана хьо бара бухахь гуш, даьтта бага нисда г1ерташ, хьалакхиссалуш.

— Мичахь бара?! Мичахь бара со?! — аьлла, саьрмик хьалаиккхира, тохара шаьш бина барт а бицбелла.

— Вахь-вахь-вахь! — аьлла, велар а оьккхуьйтуш, — хьо ийши, хьо ийши! Ахьа вайша хьалххе бина барт бохий! Схьало сан вежарий! — элира к1анта.

 

Маттана говза а хилла, шен дас бохург ца дина, шен ши ваша а валош, ц1а веъна жимах волу ваша. Шен вежаршка бехк а баьккхина цо:

— Иштта хуьлу шуна, дас бохург ца дича! — аьлла. Цул т1аьхьа кхин ца бахана уьш оцу ширчу новкъа.

 

Барт а болуш, хаза нахана дош а хеташ, диканиг бен ца деш, бехха бехира вежарий. Со а ваханера уьш болчу хьошалг1а, цаьрца аса ниха2 а лелира, т1е жижиг-гала а кхаьллира.