ЦӀеххьана корера цхьа зуз хезира Дратевкана. Цул тӀаьхьа корахулла чудаьхкира накхармози. Паччахь йоӀа коьртан тӀехула го бина хьойзира уьш.
– ХӀара ю паччахь йоӀ! – аьлла, тӀеведира иза йистера йоӀана. Самукъа даьлла, гӀанта тӀера хьалаиккхина, шен йохь гуча якхийра йоӀас. Инзаре хаза яра иза.
– Баркалла хьуна жима стаг суна орца кхиъдарна – аьлла а, реза хилира паччахь йоӀ Дратевкана.
ЧӀогӀа ирча цӀогӀа хьакна, Ӏаьржа олхазарехь хийцаделла, дуьнен тӀера дайра ешап.
Бертах, мерза баха хевшира уьш. Массо шей паччалкьах мял долу адмишна а, акхаройна а юккъах нийсо латтаешь, ирсаца, баьркатеца беха баьхна уьш.