— Мохь стенна хьоькху ахьа! Со ду-кх, зингат, кху чохь Iаш, — элира зингато.
— Со бу-кх, моьлкъа, кху чохь Iaш, — элира моьлкъано.
— Вакъ-вакъ-вакъакъи! Со ю-кх, пхьид, кху чохь Iaш, — элира пхьидо.
— Со ю-кх, зу, кху чохь Iaш, — элира зуьно. — Хьуна Iен а меттиг ю-кх кху чохь, чуйола, цхьаьна Iийр ду вай!
Шен карахь долу бIараш охьа а дехкина, тарсал чуикхкхира. Зуьной, пхьидой, моьлкъаной, зингатой бIараш дадийна чудихьира.